ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Террористех" леттачу ботIлихъхоша кад айбира Путин вазвеш


1999-чу шарахь Дагестанерчу тIемалошна гIоьнна яхана Басаев Шемалан тоба йохош дакъалаьцначу БотIлихерчу бахархоша арздина президенте Путине, шайна тIеман декъашхойн статус ца елла, аьлла.

"Массара а лоруш волу Владимир Владимирович, тхуна цкъа а ца еъначу хьесапехь хала еъначу заманахь кхечира хьо БотIлихе. Хьуна гира кхузахь тхан кхелхина, лазийна бIаьхой. Оха, ботIлихъхоша, лардира тхайн а, Оьрсийчоьнан а латта. Амма тхо деха тIеман декъашхойн статус а йоцуш. Оха тхайн дуьхьа ца доьху хьоьга тхаьшна иза ялар – доьху Дагестанан а, Оьрсийчоьнан а хиндолчун дуьхьа", - элира гулъеллачу тобанехь лаьттачийн цIарх цхьамма "Путин Владимирца зIе" йоьдуш.

"БотIлих хIинца хазлуш ю" -, элира цо, дагалацаме велира: "халачу сахьтехь" Путин, ша мукъа вацаре терра, реза ца хилира шайца цхьаьна толам базбеш луьйцан кад мала, "пурба ло хьайн могашаллина а, толамна а тIера кад мала", - бохура ботIлихъхочо.

Жоп луш, Путина сатийсам къадийра, ша дог доху дагестанхошца цхьаьна кад айбан йиш хиларе, аьлла.

"Ас доккха баркалла олу Дагестанна а, дагестанхошна а тоьллачу позици тIехь хIетахь а, хIинца а латтарна. ДагадогIу дагестанхоша шаьш муха гайтира. Цара шаьш а, Оьрсийчоь а Iалашйира тоьлла герз карахь долчу дуьненаюкъарчу террорхойх", - элира президенто.

Путина Iедална тIедожийра "ма-хуьллу сиха и гIуллакх" [тIом бинчу нехан статусца дерг] листа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG