ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кавказ Имаратна» ахча даларна бехкейо зуда


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу прокуратурехь тIебаьхьина бехк бакъ а бина, документаш кхеле хьовсийна, дов луьстур ду кеста. Бехкеечу мехкан яхархочо (ц1е ца йовзуьйту цкъачунна) терроризмна аьтто бина ахчанца, боху талламчаша.

«Динан экстремизм къобал а еш, Шемин Iаьрба Республикерчу «тIеман оппозицех» дог а лозуш, цигарчу терриристийн «Кавказ Имарат» тобанерчу декъашхочунна QIWI-бохчанехула 5000 сом дахьийтина» оцу зудчо Дечкен-беттан 30-чу дийнахь, аьлла ду талламчийн документ.

Цо дийцарехь, зудчо гIодинарг дагахь хилла оцу ахчанах герз а, патармаш а, т1емалочун духар а эца.

Набахтин 15 шаре кхаччалц йолу хан тоха тарло бекеечунна. Дов луьстур ду Къилбаседа Кавказан тIеман кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG