ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь – гулам: парламентан спикере, полицин, къайлахчу сервисан куьйгалхошка даржаш охьадахка боху


Эзарнаш нах бу Тбилисехь парламентна хьалха болийначу гуламехь. Къевлина шахьаран коьрта урам – Руставелин майда.

​«Къоман Боламан» лидеро Вашадзе Григола хьалхо цхьа сахьт хан елира спикерна Кобахидзе Ираклийна, полицин министрна Гахария Георгийна, къайлахчу сервисан куьйгалхочунна Гомелаури Вахтангна даржаш дита.

Протестхоша бехкбуьллу царна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Сергей махка витарна а, цунна дин дийца вовшахтоьхна йолу Парламентийн Юкъара ассамблея схьаелла магорна а, иза барам боьдучу муьрехь Гуьржийчоьнан парламентан спикеран гIента охьахаийтарна а.

Долийна къамел чекхдаккха ца витина Гаврилов оппозицин «Европан Гуьржийчоь», ​«Къоман Боламан» партешкарчу депутаташа. Чекх ца баккхийтина цара ассамблеян ша барам а. Тбилисера сихха дIаяхана Оьрсийчоьнан делегаци.

Iедалехь йолчу «Гуьржийн Сатийсам» партин куьйгалхоша, «гIалат ду Оьрсийчоьнан депутаташ тIеэцар», аьлла. Амма оцу дIахьедаро хиллачун бехкалара ца йоккху парти а, Iедал а.

Сарахь 7 сахьт даьлча йолийна протестан акци йоьдуш яра хIара хаам кечбечу миноташкахь а. Онлайн кепехь Тбилисера хьал гойтуш ю дуккха а информацин хьасташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG