ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхарачой-Чергазийчоьнах шарIан республика ян гIиртинарш" лецна


Шайн республиках "ШарIан республика ян лаам болу экстремистийн "Ат-Такфир Вал-Хьиджра" тоба Iораяьккхина Кхарачой-Чергазийчохь, хаам баржийна РИА "Новости" агенталло.

12 стаг ву лаьцнарг, царна бехкедо меттигашкара хьаькамаш даржашкара дIа а бохуш, ШарIо хьоьхучу хьесапехь Iедал юхакхолла гIортар.

Лерина операцеш дIахьош, тобан декъахошкара даьккхина герз, патармаш, компакт-, флоппи- дискаш, зуламе литература, боху талламо.

"Ат-Такфир Вал-Хьиджра" – "Цатешар бехкедар а (такфир), хьижрат дар а" ду Iаьрба маттахь. Тобано тIе ца оьцу таханлерачу юкъараллин кепаш, цо нахах "цатешарш" олу, "шаьш цIена лору бусалбанаш кхойкху шаьш санна болчу Малхбалерчу бусалбанашна тIе дIабахар", аьлла ду талламчаша дина тидарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG