ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марроу Эдвардан цIарх долу совгIат делла Маьрша Европа Радио/ Маршо Радиона


Маьрша Европа Радио/ Маршо Радиона Марроу Эдвардан цIарх долу совгIат делла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шен хIусам латточу терахь-информацин эфиран Ассоциацино. «Мултимеди» номинацехь и совг1ат кхачадо хаамийн программаш кхуллуш лаккхара техникан кхиамаш баьхначу а, пайде кепаш карийначу а, болх эвсарбаьккхинчу а телегойтийланна.

Маьрша Европа Радио/ Маршо Радионо, номинаци къовсуш, жюрин кхеле бехкинера «бархат революцех» а, газ дIасакхачочу Nord Stream 2 биргIан асанах а, Советан пачхьалкх йолчу заманашкахь тренерша хьийзийначу гимнастех а лаьцна кечбина мултимедин белхаш.

Кхушеран ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь тхан медиакорпорацин векалша дакъалоцур ду Марроу Эдвардан цIарх долу совгIат каралучу Нью-Йоркерчу церемонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG