ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна йиттина аьлла, нах лецна ГIалгIайчохь


I
I

ДIадахначу кхаарийдийнахь республикан дарбан цIийнахь полисхошна тIелетта аььла, лаьцна виъ стаг.

Лецнарш бу Сурхо-ХитIера, Эккажакъонгий-Юьртара, Несарара 24-47 шераш долу божарий. Цара кхочуш ца дина, низамца а догIуш, полисхоша шайга ден аьлларг, боху мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло баржийначу хаамо.

ПIераскан дийнахь оцу веанна дуьхьал бехктакхаман дов айдина, дарбан цIенна хадеш хиллачу Iедалхошна еттарна, боху ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло шен пресс-релизехь.

ТАСС агенталлехь йолчу информацица, дарбан цIенна чулилхина хилла цомгуш волу шайн гергара стаг дIавига баьхкина нах. Царна дуьхьало еш, ирх герз а диттина полисхоша, амма аьтто ца баьлла уьш совцон - цомгушниг а эцна дIабахана тIаьхьабаьхкинарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG