ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Протест Гуьржийчохь Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIаттийна


Цхьанатоьхначу Штаташа, Малхбалено кхача луш, кхиийна политикаш баьржина Гуьржийчохь, цара шайна коьртаниг лору Гуьржийчоьнний, Оьрсийчоьнний юкъа мостаг1алла диллар, яздина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах дIакъастар къобалдечу оьрсийн Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Тбилисе Парламентийн юкъарчу керста ассамблеян кхеташоне вар ца тайначу гуьржаша эккхийтина протест ишта туьду Кадыровс.

"Дерриг дуьнетIехь ларамца тIеоьцу арахьара еана делегаци, парламентхойх иза хилча-м муххале а. Пачхьалкхан Думин депутаташна лартIехь болхбан хьелаш а, кхерамзалла а ца хилийтина Гуьржийчоьнан Iедало. Малхбалено хьоьстуш лелабечу ницкъаша къепедацарш гIовттийна Тбилисехь», - аьлла хета Кадыровна.

Гуьржийчоь дакъошка яккха, цуьнан бахархой вовшашца эгIон гIерта Москох аьлла, Оьрсийчоь бехкеярал гIолехьа некъ ца карийна Гуьржийчоьнан президентна Зурабашвили Саломена. Оцу хьокъехь къамел цо дира Цхьанатоьхначу Штатийн а, малхбалерчу мехкийн а векалшна ша бинчу балхах жоп луш», - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс бахарехь, «2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан бахархоша 3,5 миллиард доллар ахча дитина Гуьржийчохь». ДIахьедар дерзош яздо цо: «Ткъа хIун толам баьккхи Оьрийчоь ца езачу радикалаша? Хуур ду Гуьржийчоьнна шен отелаш, ресторанаш, кафеш, луьйчийлаш яссаяла йоьлча…» Ца хоуьйту Кадыровс, ша стенгара схьаэцна довзуьйту, мел ахча доьхкина Оьрсийчуьрчу туристаша Гуьржийчохь.

XS
SM
MD
LG