ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь пикет тергалъеш лаьтта журналисташ лецна полицино


Пикет в поддержку журналиста Гаджиева в Махачкале, 22 июня 2019 г
Пикет в поддержку журналиста Гаджиева в Махачкале, 22 июня 2019 г

Лаьцна латточу "Черновик" газетерчу белхахочун Гаджиев Iабдулмуминан агIолоцуш хIоттийна пикет тергалъян баьхкинчу журналистех 8 стаг дIавигира полице тахана.

Хилларг иштта ду. Шахьарарчу Советан кIоштан полице вигина «Дагестанан кегийрхой» газетан коьрта редактор Iийна Абашилов Шемал. Мехкан прокуратурина хьалха пикет дIахьош лаьтташ лаьцна иза. Цул тIаьхьа хьал тергалдан а, иза прессехь довзийта а баьхкина журналисташ шаьш а хIиттина кIоштан полицина хьалха пикете.

Полисхоша, шайн «хьаькамо къамеле кхойкху, аьлла, чу а бигина, шайн цIа чохь дIалецна журналисташ. Хилам тергалбечу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаамбарехь, телефонаш дIа а яьхна, паспорташ тIера информаци дIа а язйина, ах сахьт даьлча мукъабаьхна уьш.

Дагестанан прокуратурина хьалха лаьтташ яра акци сарахь а.

Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, шина баттахь лаьцна кхаба магийна кхело журналист Гаджиев. Террористашна ахчанца гIодарна бехкево иза а, кхин итт стаг а. Iедало царна боцу бехк тIекхийдабо, церан гергарчарна а, уьйрашна а хетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG