ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу гуламаша емалйо репрессеш


Москох а, Оьрсийчоьнан кхин а 10 г1алахь а акцеш ю тахана дlайоьлхуш. Гуламхоша гойту шаьш «Медузин» журналистца Голунов Иванца буйла, политикан репрессешна, доцчу бахьанашца нах бехктакхаме ийзорна резабоцийла, хаамбо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Iедало къобалъянза йолчу Либертарианан партина а, журналистийн профессоналан юкъараллина а мэрино магийна гулам бу лаьтташ шахьарарчу Сахаровн майданахь.

Акцийн декъашхой дагахь бу Голунов лоцуш хьийзина ницкъхой жоьпалле беха а, изоляторшкахь кхобу журналисташ Гаджиев Iабдулмумин а, «Сеть», «Керла лакхалла» боламийн декъашхой а, Москох университетан аспирант Мифтахов Азат а, политика бахьанехь чубоьхкина кхин нах а дIахецаре Iедал кхайкха.

Iедало адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна къамел дийр ду гуламехь Шиес станцехь нехийн полигон ца хIоттаяйта дуьхьалбевллачу жигархойн векало.

Владивостокехь а, Хабаровскехь а бирзина протестан барамаш, дакъалаьцна иттаннаш наха.

Владивостокехь сахьтехь гергга лаьттира журналистийн пикет. Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре а, Талламан комитете а дахьийта кечдинчу кехата буха гулдина меттигерчу бахархошкара куьйгаш – акцино дехна Голунов лацарх дерг кхоччуш таллар.

Петарбухахь Iедало къобал ца йина меттигера акци. Дешна девллачу берийн «Алые паруса» даздарш хир ду тахана сарахь, царна новкъарло йойла дац аьлла довзийтина бахьана.

XS
SM
MD
LG