ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоь: туристех хьакхалуш яц тхан Кремлца йолу юкъаметтиг


Оьрсийчуьрчу туристашна кхерам болуш хIума а дац Гуьржийчохь, боху Тбилисино. Шайн территореш дIалецар, шайн пачхьалкхан чоьхьарчу г1уллакхашна Оьрсийчоь юкъагIертар наха гуламашкахь емалдар ца хьакхало мог1арчу оьрсех, аьлла ду цигара даьржа дIахьедарш.

"Гуьржийчоьнан шахьара богIучу хьешашна, арахьарчу журналисташна, туристашна цкъа а ца хилла кхерам», - аьлла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу г1уллакхийн министралло дина дIахьедар. Кхаа дийнан боламашкахь хааелла яц цхьа инцидент бен – массех оьгIазвахана хьийзачу стага "Россия 24" телеканалера тоба хьовзор. Полици толлуш ю хилларг, лазийна вац стагга а, хаамбо дипломатин урхалло.

Euronews-на еллачу интервьюхь Гуржийчоьнан президента Зурабишвили Саломес аьлла: «Оьрсийчуьрчу туристашна хьалха санна маьрша хила беза махка кхочу некъаш, царна тов Гуьржийчоь». Москохца гIоьртина лаьтта «хьал хьакхадала ца деза туристех, юкъаметтигаш мухха а нисъеллехь а, паргIат ду Гуьржийчохь», - бохура цо.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хьалхо хаамбира, Гуьржийчохь кхераме ду Оьрсийчоьнан бахархошна, аьлла. Цул тIаьхьа президента Путина омра арадаьккхира Оьрсийчоьнан авиакомпанешна Гуьржийчу кеманаш лелийта доьхкуш. ТIебогIучу беттан 8-чохь дуьйна совцур ю авиарейсаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG