ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкхо"


"Исламан пачхьалкх" (ИГИЛ) олучу тIеман тобано шена тIелаьцна Соьлж-ГIалахь некъан полицин белхахошна дина тIелатар. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан социалан машанашна мониторинг ечу SITE Intel Group аналитикан сервисо, яздо "Обзор" сайтио.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, дIадаханчу кIиранан сарахь Соьлж-ГIалахь республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцина гена доццуш некъан полицино урамехь сацийна хилла жима машен. Шега кехаташ гайта аьллачу машенлелорхочо цIеххьана урс диттина шина полисхочунна.

Полицина тIелеттачун цIе къастийна меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Иза ву 1997-чу шарахь вина Соьлж-ГIалара вахархо Барзаев Ахьмад.

Рен-ТВ-н хаамца, лазийна ву ши полисхо – капитан Раил С., лакхара сержант Зеламха Д.. Шегара машен ханна мехах каралучу (каршеринг) фирмехь лаьцна хилла Барзаевс, боху массех хьасто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG