ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммерсант: Гуьжийчу ца боьлхуш совца мегаш бу 150 эзар гергга Оьрсийчуьра туристаш


Гуьржийчоь -- Тбилисера дуьненаюкъара аэропорт, 11Охан2019
Гуьржийчоь -- Тбилисера дуьненаюкъара аэропорт, 11Охан2019

155 эзар гергга Оьрсийчуьра вахархо юхавала мегаш ву Гуьржийчу садаIа вахарх, авиакомпанешна цу махка кеманаш дахийтар а, тураш йохкар а дехкар бахьана долуш. Цунах лаьцна яздо "Коммерсан" газето, туризман индустрин векалшна тIе а тевжаш.

Цара дийцарехь, авиакомпанийн 3 миллиард сом гергга ахча дайа дезар ду, Гуьржийчу баха дагахь хиллачу махкахошна кеманан билеташ юхалуш.

Кху беттан 20-хь дуьйна дуккха а адамаш дакъалоцу акцеш дIайоьлхуш ю Тбилисехь. Митингехь къамелаш дечу наха бехке йо Оьрсийчоь, шайн мехкан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертарна. Мангалан-беттан 21-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ арахийцира, шайн авиакомпанешна Гуьржичу некъахой бигар цхьана ханна доьхкуш.

Гуьржийчоьнан президенто Зурабишвили Саломес Путина бина сацам нийса бац аьлла, туристашна новкъарло а ца еш, кхочуш де политикан хаттарш аьлла цуьнга кхайкхам а беш.

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан Дозанан сервисо бинчу хаамца, 2018-чу шарахь Гуьржийчохь хилла 1,29 миллион Оьрсийчуьра вахархо. 2019-чу шеран хьалхарчу кварталехь цу махка баханчу оьрсийн туристийн терахь алсамдаьлла 26 процентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG