ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Оьрсийчу цIадалийна нохчийн 5 бер


Москох Внуково аэропортехь охьахиъна Шемара 5 бер цIадалош догIу кема. Цунах лаьцна шен Instagram-хь хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, уьш бу УльбиевгIар ПетIамат а, Малика а, Зайнап а, Рукъият а, Iайша а. Уггар жимачу йоьIан ду 2 шо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, цу берийн дай-наной кхелхина Шемахь боьдучу тIамехь. Бобераш кIелхьардаха леррина тоба кхоьллина хилла Кадыровс, Теркйистехь бехачу цу берийн гергарчеран дехарца.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо далочу терахьшца, 2017-чу шеран аьхка дуьйна Шемара а, Иракъера а Оьрсийчу цIаверзийна 158 стаг - 137 бер, 21 зуда. Царах 37 бер а, 10 зуда а ю Нохчийчуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG