ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кIелхьардаьхна нохчийн бераш дIакхачийна Соьлж-ГIала


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Москох Внуково далийна Шемарчу мухIажарийн четаршкахь латтош хилла нохчийн бераш дIакхачийна кеманца Соьлж-ГIала, хаам бо "Грозный" телеканало. Юьйцург ю УльбиевгIера 5 йоI - ПетIамат а, Малика а, Зайнап а, Рукъият а, Iайша а. Уггар жимачу йоьIан ду 2 шо.

И бераш цIадерзо леррина тоба кхоьллина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Теркйистехь бехачу церан гергарчеран дехарца. Кадыровс шен Инстаграмехь билгалдаккхарехь, цу берийн дай-наной кхелхина Шемахь боьдучу тIамехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо далочу терахьшца, 2017-чу шеран аьхка дуьйна Шемара а, Иракъера а Оьрсийчу цIаверзийна 158 стаг - 137 бер, 21 зуда. Царах 37 бер а, 10 зуда а ю Нохчийчуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG