ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровс дитина шен дарж


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дина, ша балхара дIавола аьлла, 12 шарахь цу республикан коьртехь лаьттинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бо «Интерфаксо», меттигерчу телевизионна тIе а тевжаш.

"Ас сацам бина Оьрсийчоьнан президенте дехар дан, хенал хьалха ГIалгIайчоьнан Республикан куьйгалхочуьнан бакъонаш сайгара охьайохкуш", - аьлла Евкуровс ша меттигерчу телевизионехь динчу къамелехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалле хIоьттира 2008-чу шарахь ГIадужу-беттан 31-чохь, президента Медведев Дмитрийс хьалхататтарца. Республикан Халкъан Гуламо цу даржехь тIечIагIвира иза 5 шаранна.

2013-чу шарахь Гезгмашин-беттан 8-хь депуташа шолгIа а тIечIагIвира Евкуров республикан куьйгалхо санна. Амма оццу шарахь Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш барт бинчул тIаьхьа цуьнга дарж дита, бохуш митингаш йира меттигерчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG