ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Рапидо 2.0» лотерейхь коьрта совгIат даьккхина Нохчийчуьрчу школан директоро


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

«Рапидо 2.0» лотерейхь коьртачу совгIатан долахо хIоьттина Нохчийчуьрчу школан директор Оздамиров Аслан, яздо "КП" сайто. Кхаж тосучу буса "Столото" сайта тIехь ша эцначу билетана тIе шена гIенах гина терахьш яздина хилла цо.

"ТIаьхьо хиира суна, сан кхаж баьлла ца Iаш, ас схьаэцнарг коьрта совгIат хилар! Миллионер хила суна моьттучул а, дуккха а атта хилла", - даладо Оздамировн дешнаш "Столото" сайтан зорбанан сервисо.

Цу кепара, 144 107-чу тиражехь Оздамировс даьккхина 3 426 018 сом. Ша и ахча мича хьажор ду цкъачунна ца хаьа цунна.

"Столото" сайтан зорбанан сервисо дийцарехь, "Рапидо.2.0" лотерейхь харжа деза цхьана билетана тIехь 8 терахь, ткъа шолгIачунна тIехь - цхьа терахь. Уьш дерриш а муьлхарниш ду хиинчо доккху коьрта совгIат – "суперприз".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG