ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамаш туьйсуш зударшкара ахча даккха гIиртина стаг лаьцна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кхерамаш туьйсуш зударшкара ахчанаш даха гIиртина стаг лаьцна ГIалгIайчохь. Вуьйцург ву Экажево эвлара 47 шо долу вахархо.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, марехь болчу зударшкара цхьаъ даккхар Iалашонца динна тоба вовшахто а тоьхна, видеош йохуш, уьш нахала йохур ю ша бохуш, кхерамаш туьйсуш ахча даккха гIерташ хилла и стаг. Болчу хаамца, цхьаболчу зударийн гергарчара йиттинчул тIаьхьа, дарбанан хIусаме охьавиллина хилла иза. Зуламан да лаьцна дарбанан хIусамера веддачул тIаьхьа.

Error rendering VK.

Иза левеш яьккхинчу видеон кийсаг яржийна полицино.

Талламхошна гучудаьлла цу стага кхечу зуламхошца цхьаьна 2012-2017 шерашкахь даккхийн ахчанаш даха гIерташ хилла хилар, сий дойуш болу хаамаш баржор бу шаьш, бохуш кхерамаш а туьйсуш.

Карарчу хенахь полицин белхахой лоьхуш бу Экажево эвларчу зуламхочо лелийначун декъашхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG