ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн ахчанах керла машен эцна, некъахьовзамехь доьзал кхелхинчу Смоленскерчу вахархочо


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лардина нохчочо дакъалоцуш некъабохамехь зуда а, бер а дийна висинчу Смоленскерчу вахархочун ша делла дош, яздо "Смоленская народная газето" (Smolnarod). Роменков Романа керла машен эцна Кадыровс шена деллачу ахчанах.

Роменковн гергарчу зудчо Smolnarod сайтан корреспонденте бинчу хаамца, Кадыровн векал веана хилла иза волчу, ахча а дохьуш. "Ромас керла машен эцна хIинцале а", - аьлла цу зудчо.

Дагадоуьйту, кху шарахь Зазадоккху-беттан 25-чохь Можайски шоссехь вовшахкхеттера "Мерседес Гелендваген" а, "Нива" а машенаш. Смоленскан вахархо хиллера шен 35 шо долчу хIусамненаца шайн 12 шо долу йоI дарбанан хIусаме эцна Москох воьдуш. Зуда а, йоI а кхелхира цу некъан бохамехь. И ирча кхаъ къаьчначул тIаьхьа кхелхира ненанана а.

Хилларг бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх ду толлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG