ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SpaceX компанино кхиаме космосе хецна Falcon Heavy ракета


Iамерка -- SpaceX компанино космосе хецна Falcon Heavy Канаверал меттигерчу космодромера, Флорида, канверал, Манг. 25, 2019.
Iамерка -- SpaceX компанино космосе хецна Falcon Heavy Канаверал меттигерчу космодромера, Флорида, канверал, Манг. 25, 2019.

Маск Илонан SpaceX компанино кхиаме космосе хецна 25 спутник шеца йолу Falcon Heavy еза ракета. Иза дина хIордаца йолчу Канаверал меттигерчу космодромера шинарин дийнахь Соьлж-ГIаларчу хенаца 9 сахьт 30 минот яьлча.

Хьулург оццу хенахь гойтуш дара SpaceX компанин YouTube-каналехь.

Ракето тайп-тайпанчу орбиташка йоккхур ю Iедалан а, коммерцийн а 3,7 тонн йозалла йолу 24 спутник.

Царна юкъахь ю маьлхан гата шеца долу Prox-1 аппарат а, маьлха зIенар моторан метта пайда эца аьтто бийр болу чалх а. Цул сов орбите хоьцур ю тIехь тIехсов нийса лела 10 миллион шарахь цхьана секундан бен кхин галдера доцу заррратан сахьт долу Orbital Test Bed спутник.

Falcon Heavy шеца даьхьна ша космосехь "дIавоьллина" хилийта лууш хиллачу 152 стеган декъийн дакъош. Уьш 1997-чу шарахь дуьйна орбите хоьцуш ю Техас штатера Celestis компани.

Мангалан-беттан 25-хь динарг ду Falcon Heavy ракета кхоалгIа кхиаме космосе яхийтар. Дуьххьара цуьнах пайда эцна Iамеркан тIеман министралло а.

SpaceX компани сатесна ю кхиаме рогIерчу старто аьтто бийр бу шен аьлла, тIейогIучу хенахь Iедалан хьашташ кхочуш деш дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG