ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан пропагандах тешаш кIезиг нах хилар гайтина Маршо Радион кIиранан хаттаран жамIаша


Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша дуьйцучух теший шу, аьлла дара Маршо Радионо дIадаханчу кIиранах хIоттийна хилла хаттар.

Цуьнан жамIаш иштта ду.

Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаш дуьйцучух ца теша иза пропаганда хеташ 62 процент цу талламехь дакъалаьцна нах.

Цхьадолчух тешаш бу 8 процент респонденташ.

31 проценто кхаж тесна, шьаш тергал а ца до оьрсийн зорбан гIирсаш дуьйцург аьлла.

Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна дуьйцучух теша аьлла жоп делла стаг вац Маршо Радион талламехь дакъалаьцначу нахах.

Дагадоуьйту хIара Iилманца нисбина таллам цахилар. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG