ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхашна ницкъ барца къийса ца оьшу, хета 39% Оьрсийчуьрчу бахархошна


Оьрсийчоь -- "Ницкъ барна дуьхьал комитет" вовшахтохараллан офис., Лахана Новгород.
Оьрсийчоь -- "Ницкъ барна дуьхьал комитет" вовшахтохараллан офис., Лахана Новгород.

Оьрсийчуьрчу бахархоша довзийтина лецначу нахана ницкъ барх лаьцна шайна хетарг. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто", "Левада центро" бинчу талламна тIе а тевжаш. Цу тайпа таллам бар деханрг яра "Ницкъ барна дуьхьал комитет" бакъонашларъярхойн вовшахтохаралла.

Билгалдаккхарехь, 60% цу талламехь дакъалаьцначу нахана мегар дац аьлла хета ницкъ бар леладайта. 30% респонденташа ницкъ бан мегар ду, боху цхьацца зуламаш толлуш, масала цхьаъ кIелхьарвоккхуш я адамана ницкъ беш зулам динчу нахана.

Кхин 39% Оьрсийчуьрчу бахархоша жоп делла лецначу нахана ницкъ барца къийса ца оьшу, цо вочу агIор Iаткъам бийр бу зуламаш толлуш аьлла.

Цул сов, 10% респонденташа шаьш бу ницкъаллин структурийн белхахоша шайна тIехь ницкъх бар лайна.

"Левада-центран" талламехь дакъалаьцна Оьрсийчуьрчу 53 регионерчу 3400 стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG