ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министр Цуциев: Нохчийчоьнца доза билгалдаьккхина ХIирийчоьно


Къилбаседа Кавказан карта.
Къилбаседа Кавказан карта.

2021-чу шеран Дечкен-бутт тIекхачале Оьрсийчоьнан Федерацин ерриг а субъекташна юкъара дозанаш билгалдевлла хила дезаш ду. Цу хьокъехь сацам тIеэцна Оьрсийчоьнан Iедало. Цунах лаьцна хаам бина Къилбаседа ХIирийчуьрчу къаьмнийн юкъаметтигашкахула министро Цуциев Аслана, яздо Abon хаамийн портало.

Цо дийцарехь, хIинцале а къастийна Къилбаседа ХIирийчоьнан а, Нохчийчоьнан а доза. Гергарчу цхьана шарахь билгалдоккхур долуш ду ГIебартой-Балкхаройчоьнца долу доза. Изза болх бан безар бу ГIалгIайчоьнца а, боху Цуциевс.

"Вайн доза ду, 1957-чу шарахь тIечIагIдина долу. Оцу хенахь барт беш кехаташ тIеийцира СОАССР а, ЧИАССР а автономин республикаша. Суна хетарехь, и доза хийца гIортаро, кхечу агIор доза тохаро рогIера мина юьллур ю вайн хин йолчу тIаьхьенашна", - аьлла министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG