ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эвтарахь цIе яьлла хилла машенийн ягориг юхкучу станцехь


Нохчийчоь, архивера сурт.
Нохчийчоь, архивера сурт.

Нохчийчохь цIе яьлла меттиг нисбелла хилла ягориг юхкучу станцехь. Инцидент хилла Эвтарахь шинарин дийнахь, Мангалан-беттан 25-чохь. ЦIеяьлла хилла машанашна чудутту мехкадаьтта а, бензин а, газ а юхкчу станецехь ягориг чуюьттучу цистернах, хаам бо ТАСС агенталло. ЦӀеяйархой каде хьовзарна, аьтто баьлла кхин зе-зулам доцу цIе дIаяйа.

Дийцарехь, станцина гонахара территори гоне лаьцна хилла полицин белхахоша. Цул сов гергарчу иттех цIийнан чуьра кхерамазалла йолчу метте дехьаваьккхина хилла 50 гергга стаг.

ЦIеяларан бахьана къастош бу говзанчаш. Хьалхо хаам баьржинера Нохчийчохь, ягориг юхку станци а иккхина, цIеялар бахьана долуш 5 стаг лазийна хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG