"Мемориало" кхин болх бийр бац Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедар дина кху деношкахь колонера араваьллачу цу бакъоналаръярхойн центран Соьлж-ГIаларчу офисан куьйгалхочо Титиев Оюба.
Цо дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" республикехь болх сацо дийзира, иза лаьцначул тIаьхьа. Цуьнан бахьана дара -- кхерамазалла ца хилар. Шайна гаранти еза шайн белхан накъостий Iедалша урамашкахь кадетташ лоьцур бац, уьш чубухкур бац аьлла, дийцира Титиевс "Дождь" телеканалана еллачу интервьюхь.
Хьалхо Титиевс дIахьедар динера махкара дIаваха дагахь вац ша, шен доьзал Оьрсийчуьра дIабаханехь а аьлла. Иза бакъонашларъярхо виса амма ваха а, болх бан а дагахь ву Оьрсийчоьнан кхечу регионехь.
ББС-но яздарехь, Титиевс "Мемориалехь" болх бина 15 сов шарахь. Цу бакъонашларъярхойн центран Соьлж-ГIаларчу тобан коьрте хIоьттира иза 2009-чу шарахь, Эстемирова Наталья йиначул тIаьхьа.
Титиев лецира Iедалша 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнан Iуьйранна машенахь шен балха воьдуш, наркотикаш карийна аьлла.
Кхушара Зазадоккху-баттахь 4 шо колонехь-поселенехь даккха хан туьйхира бакъонашларъярхочунна. Кху баттахь Титиев хенал хьалха аравалитира Iедалша.