ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шойгун когаметта хIотто мегаш ву Евкуров


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь лаккхара дарж дIалаца мегаш ву Евкуров Юнус-Бек. Иза хIотто мегаш ву министран Шойгу Сергейн когаметта, яздо "Коммерсант" газето.

Кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ тIеийцира Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера маьршавоккхуш. Цуьнан метта республикан ханна куьйгалхо хIоттийна Самаран кIоштахь Росприроднадзор урхаллан куьйгалхо хилла Калиматов Махьмуд-Iела.

Цхьаболчу хаамашца, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера Евкуровс дIавала сацам бина Нохчийчоьнца административан доза билгалдаьккхинчул тIаьхьа цу республикехь дуьхьалонан акцеш хилар бахьана долуш. Цо хаам бира дарж дитарх лаьцна сацам бан хала дара шена аьлла. Евкуровна хетарехь, юкъараллин барт эгIарна жоьпаллехь хила деза Iедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG