ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерийна теркйистхочуьнгара ахча даккха гIерта стаг лаьцна полицино


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кхаарин дийнахь Теркйист кIоштарчу полице латкъам бина хилла 25 шо долчу меттигерчу вахархочо. Цо дийцарехь, мила ву ца хуу стаг хилла цуьнга телефон етташ, кхерийна 50 эзар сом даккха гIерташ. И ахча шена ца лахь банкаца йоьзна цуьнан къайле Iедалшка дIаюьцур ю ша бохуш хилла иза.

Полицин белхахоша, оццу дийнахь таллам а бина, лаьцна 22 шо долу Соьлж-ГIалара вахархо. Иза къера хилла ша кхемаш туьйсуш ахча даккха гIоьртина хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG