ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь тIелатардинчун бевзарш лецна Нохчийчохь


Вежарий ИнуркаевгIар Аюб а, Абубакар а, сурт арадаьлла Абдурахманов Тумсон Telegram-каналехь
Вежарий ИнуркаевгIар Аюб а, Абубакар а, сурт арадаьлла Абдурахманов Тумсон Telegram-каналехь

Соьлж-ГIалахь лецна вежарий ИнуркаевгIар – 21 долу Абубакар а, 20 долу Аюб а. Цунах лаьцна шен Telegram-каналехь яздина вевзаш волчу блогеро Абдурахманов Тумсос, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Абдурахмановс дийцарехь, ИнуркаевгIара лацар доьзна ду дIадаханчу кIиранан дийнахь Барзаев Ахьмада Соьлж-ГIалахь некъан полисхочунна а, Росгвардин белхахочунна а тIелатар дарца. Болчу хаамца, и ши жима стаг дIавигина Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе.

"Вийначуьнгахь карийна церан сурташ а, цо ша декъалве, аьлла яздина кехат а. Цо аьлла цу шинга "цу некъа тIе а ваьлла" ша кхалха воьдуш ву аьлла. Нагахь цу шиммо зулам дина хилар гучу ца далахь и шиъ дIахоьцур ву", - аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллерчу "Кавказ.Реалиин" хьастано.

Официалан версица Мангалан-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь 23 шо долчу Барзаев Ахьмада уьрсаца тIелатар динера ДПС инспекторна Сафиуллаев Раильна цунна маситта чов а еш. Цул тIаьхьа шозза таллархойн топ тоьхнера цо ша вен гIоьртинчу Росгвардин белхахочунна Джабраилов Зелимханна цо ша веле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG