2019 шо чекхдалале бевзаш болчу нохчийн мукъамчийн а, автор-илланчийн а кхоллараллан шина декъах лаьтта гулар арахеца дагахь ю Нохчийчоьнан культуран министралла. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан куьйгалхочо Дааев Хож-Бауддис, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Министро дийцарехь, Бексултанов Iумаран а, Шахбулатов Iаднанан а, Димаев СаьIидан а, Дагаев Валидан а, Магомедов Султанан а, Дидигов Билов-Хьаьжин а, кхечеран а мукъамаш а, иллеш а, эшарш а хир ю цу юкъахь.
Каталог кхолларан Iалашо ю нохчийн композиторийн а, илланчийн а кхолларалла ларйина а, яржийна а ца Iаш Нохчийчьурчу авторийн бакъонаш тIечIагIъяр.