Тольяттехь вийна дукха хан йоццуш цу гIалахь схьайиллинчу "Ахмат" латаран клубан директор. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан талламан комитетан Самаран кIоштарчу талламан урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Герз диттина вийнарг ву 34 шо долу Тягун Илья. Иза дарна бехке лоруш ву хоккейх ловзархо Хидиров Iаьзиз. Иза лехамашка велла талламхоша.
"Комсомольская правда" сайто яздарехь, тешаш дийцина цхьана цIийнан кетIахь доьазза герз кхуссуш хезира шайна аьлла.
Хилларг толлуш ду. Бехктакхаман гIуллакх долийна "адам дер" аьлла.
"Новый день" агенталло бинчу хаамца, клуб «Ахмат-Тольятти» дакъа ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана накъосталла а деш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу нохчийн латаран клубан. И филиал схьайиллина кху беттан 15-чохь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ