ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьмаш а, берзалой а, маймалш а цIахь латто ца магийна Оьрсийчохь


Акхарой дукха езаш ву Кадыров рамзан.

ЦIахь латто мегар доцучу дийнатех лаьцна тептар тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Iедало. Цу хьокъехь бинчу сацаманна тIе куьг таIийна премьер-министро Медведев Дмитрийс.

Царна юкъахь ду долахошна кхераме долу а, ткъа иштта деха меттигехь долу хьелаш уьш латточу меттигех кхоччуш къаьсташ долу а дийнаташ. Цу могIарехь ю, масала, цхьайолу текхаргаш а, варанаш а, воькнаш (крокодилаш) а, уьнтIапхьадарш а, дIаьвше пхьадарш а, иштта дIа кхин а.

Бахархошна шайн хIусамашкахь латто дихкинчу дийнаташна юкъахь ю черчий а, берзалой а, цоькъалоьмаш а, лоьмаш а, Африкера чагIалгаш а, маймалш а, иштта дIа кхин а.

Чохь латто дихкинчарна юкъахь ду цхьамогIа хьозарчий а, ткъа иштта чIерий а.

7 шо дара и низам тIеэцийта гIерта дийнаташ лардеш йолу вовшахтохараллаш а, волонтёраш а. Иза Пачхьалкхан Думе кховдийнера 2010-чу шарахь гуйранна. Депутаташ хьалхачу дешарехь тIеэцнера низам 2011-чу шарахь Зазадоккху-баттахь.

XS
SM
MD
LG