Москох ша-шен тоьхна велла Росгвардин взводан командиран когаметта. Цуьнан дакъа карийна гIалин юккъехь йолчу цуьнан петарехь. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радиостанцино, низамашлардечу органашкарчу хьасатана тIе а тевжаш.
Цу хьастано дийцарехь, 49 шо долу Оьрсийчоьнан къоман гвардин эскаран белхахо велла карийна 3-чу Красногвардейски урамехь.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох коьртачу буьйранчаллехь радиога хаам бина, и стаг валар хьокъехь кечдина кехаташ Оьрсийчоьна Талламан комитете дIахьажийна аьлла.