ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

4,5 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу банкан хиллачу белхахочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу кхело колонехь даккха 4,5 шо хан тоьхна банкан хиллачу белхахочун (цIе юьйцуш яц). Иза бехке вина бозбунчаллаш лелорна 15 миллион сом барамехь кредиташ луш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран пресс-релизехь, хаам бо Banki.ru сайто.

Кхело къастийна зуламхочо кхаа совдегарна а, медицинан клиникан куьйгалхочунна а гIо дина хилар 15 миллион сом барамехь кредиташ оьцуш.

Иштта 2012-2015 шерашкахь, цу нахаца шен тешаме юкъаметтигаш хиларх пайда а эцна, цо шега схьадалар дехна хилла цаьрга кредиташ токхуш юхалуш долу ахча. Цу кепара банкан белхахочо зе дина 15 миллион соьман.

Кхело бух болуш лаьрра кредиташ эцначех шиммо 7 миллион сом барам болуш суде елла искаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG