ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болх бан йолаелла Соьлж-ГIаларчу ТЭЦ-н 2-гIа энергоблок


"Газпроман" Соьлж-ГIалара офис.
"Газпроман" Соьлж-ГIалара офис.

ШолгIа энергин блок болх бан йолаелла Соьж-ГIаларчу йовхонан электростанцехь. Иза схьайоьллуш леррина церемони хилла Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь де хьалха.

Цигахь вистхуьлуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, "Газпром" компанино кхочуш йина йолу и проект экономика кхиийтарехь республикана вуно мехала хилар.

Цо дийцарехь, Соьлж-ГIалара керла энергоблок кхоьллина, кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш. Цуьнан ондалла ю 180 мегаватт. Соьлж-ГIаларчу ТЭЦ-н хьалхара блок болх беш ю стохка ГIуран-баттахь дуьйна. Цуьнан ондалла а ю 180 МВт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG