ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза билгалдаккха комисси кхоьллина Ставрополехь


Нохчийчоьнан а, Ставровполан мехкан а доза
Нохчийчоьнан а, Ставровполан мехкан а доза

Ставрополан махкахь ханна комисси кхоьллина доза билгалдоккхуш кхолладала мегаш долу хаттарш кхочушдан. Карарчу хенахь Нохчийчоьнца долчу дозанан контураш билгалъяхаран болх болийна, хаам бо "Кавказский узело".

Ставропольехь кхоьллинчу комиссин куьйгалхо ву цу мехкан Iедалан гIантден когаметта Афанасьев Николай. Цунна юкъахь бу меттигерчу Iедалан бахаман а, Iаламан а, юьртабахаман а министраллийн а, кадастран палатан а векалш.

Доза билгалдоккхуш дакъалоцур ду меттигерчу кIоштийн Iедалхоша. Иштта Курскойн кIоштан куьйгалхочо Калашников Сергейс дакъалоцур ду Нохчийчоьнца хир долчу дийцаршкахь.

Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан Федерацин ерриг а субъекташна юкъара дозанаш билгалдевлла хила дезаш ду 2021-чу шеран Дечкен-бутт тIекхачале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG