ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маларх кхетта а волуш, машенна урхалла деш лаьцна Росгвардин инарла


Гайтаман сурт

Росгвардин Приволжски гонан буьйранчан когаметта инарла-майор Березин Евгений лаьцна, мелла а волуш, машенна урхалла дарна шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бо ТААС агенталло.

Цу агенталлехь болчу хаамашца, Березин трасси тIехь сацийна хилла некъан полицин (ГИБДД) белхахоша Мангалан-беттан 25-хь Владимиран кIоштахь. ТААС хьастано дийцарехь, иза тIеман барзакъ доьхна а хилла, корта бахо малар меллачу стеган лелар долуш а хилла.

Лоьрийн талламех чекхвала реза ца хилла инарла. Цул тIаьхьа Березин дIакхачийна Владимирерчу полицин декъа. Росгвардин Приволжски гонан зорбан сервисо бинчу хаамца, хилларг бахьана долуш "белхан таллам болийна".

Росгвариди кхоьллина 2016-чу шеран Оханан-баттахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран бух тIехь. Чоьхьара эскарш доцурш, Росгвардина юкъатоьхна ОМОН а, СОБР а тобанаш а, ткъа иштта ведомствийн йоцу гIаролан урхалла а.

Росгварди куьйгакIеллахь ю президентан Путин Владимиран. Иза декхарелахь йина ю терроризмаца къийсам дIабахьа а, махкахь долу герз лелорна тIехь Iуналла латто а, долахь йолчу гIаролан компанешна Iуналла дан а, ткъа иштта юкъараллин кхерамазалла ларъян а. Росгвардехь ву 340 эзар белхахо.

XS
SM
MD
LG