ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин харажамийн комиссино регистраци йина Саакашвилин боламна


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Украинин юккъерчу харжамийн комиссино шотдийнахь регистраци йина Саакашвили Михаилан "Керлачу ницкъийн болам" партерчу Лаккхарчу Раде харжамашкахь дакъалоцучу кандидатийн тептарна. Гуьржийчоьнан хиллачу президентан парти политикан ницкъ бу, тIаьххьара цу харжамашкахь дакъалаца бакъо йолу.

Харжаман бюллетен тIехь хир ю 22 парти. Саакашвилин партина регистраци ярх лаьцна сацам бина тоьхна хан чекхъяллачул тIаьхьа. Цкъа дуьххьара юккъера харжамийн комисси реза ца хилира иза дан, амма цуьнан декъашхойн аьтто белира кхеле еллачу апппеляцехь толам баккха. Ткъа тIадам буьллушСаакашвилин партина регистраци ян комисси декхарелахь йира Лаккхарчу Кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG