ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Дональд а, Ким Чен Ын а цхьаьнакхетта шина Корейн дозанехь


Трамп Дональд а (аьрру агIорахьара), Ким Чен Ын а цхьаьнакхетта шина Корейн дозанехь
Трамп Дональд а (аьрру агIорахьара), Ким Чен Ын а цхьаьнакхетта шина Корейн дозанехь

Iамеркин президент Трамп Дональд а, Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын а цхьаьнакхетта кIиранан дийнахь Къилбаседан а, Къилбан а шина Корейн дозанехь.

Цу шиммо вовше куьгделла герзах маьрша латточу зонехь, Корейн шина пачхьалкхана юкъахь. Трамп дуьххьарлера Цхьанатоьхначу Штатийн президент ву, цу даржехь а волуш, Къилбаседа Корейн территори тIе ваьлларг – цо Кимца цхьаьна симболан гIулч яьккхира доза къастош хьакхначу сизал дехьа. Трампа элира, иза "доккха сий дар" ду аьлла.

Iамеркин президенто иштта дIехьедар дира, цхьаьнакхетар "инзаре деза де ду дерриг а дуьненна" аьлла. Цо билгалдаьккхира шен а, Къилбаседа Корейн лидеран а "доккха доттагIалла тасаделла" хилар.

Трампа Вашингтоне визитца кхайкхийра Ким Чен Ын. КНДР-ан лидеро шен агIор элира, Трамп Пхеньяне веача чIогIа хазахетар дара шена аьлла.

Дозанехь цхьаьанкхеттачул тIаьхьа лидерша дагадовларш дIадаьхьира герзах маьрша латточу зонин Къилбан Корейн агIонехь. Цхьанаюкъанна къамелехь дакъалецира Къилбан Корейн президенто Мун Чжэ Ина.

Iамерка сатесна ю оцу цхьаьнакхетаро гIо дийр ду аьлла, Корейн ахгIайренах зарратан герз доцу зона ярца доьзначу дийцаршна. 4 бутт хьалха Ханойхь (Вьетнам) хиллачу цу тайпачу цхьаьнакхетаро жамI ца деара, амма Трамп хьалха санна тешна ву, шен Ким Чен Ынца йолу юкъаметтигаш дика ю бохучух а, нагахь ша президент ца хIоьттинехь Корейн ахгIайренехь том болийна хир бара бохучух а.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIел ца йо КНДР-на кхайкхийна санкцеш, Пхеньяне зарратан герз дар дитийта гIерташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG