Эльбрус тIера охьавусучу хенахь некъах тиллачу Ирландерчу 6 туристах цхьаъ велла аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталло.
"Дахкарлахь тилла туристаш схьакарийнера орцанхошна. Канатца охьабуьсучу заманчохь царех цхьаъ кхелхина", - аьлла агенталле хаамбечо. Верриг а 10 стаг хилла цу тобанца.
ГIебарта-Балкхаройчоьнан орцан министраллан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, 5, 2 эзар метар локхаллехь хаабелла хилла туристаш орцанхошна. Даге лазар иккхина велла царех цхьаъ, йолчу информацица.
Терскол олучу эвла схьа а кхачийна, цул тIаьхьа ницкъаллийн структурашкарчу талламчийн тобане дIавелла велларг.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ