ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин куьйгалхочун гIовсо Меликовс дарж дуьтуш ду


Инарла Меликов Сергей

Росгвардин директоран Золотов Викторан гIовсаша Меликов Сергейс а, Милейко Сергейс а дарж дуьтуш рапорташ чуделла. "Коммерсант" газетано яздо цунах, шайн хьосташна тIе а тевжаш. Церан хаамашца, дахначу кIиранах Золотовс цIеххьана Меликовн декхарш лахдинера, цул тIаьхьа дарж дита лаам хилла цуьнан.

Инарлийн Меликовн а, Милейкон а балхара дIавала лаар доьзна хила тарло цара Росгвардехь бечу белхан талламбарца кхоллаеллачу претензешца, яздо "Коммерсанто". Дийцарехь, Меликов Милейко Сергейна тIехIоьттина хилла, ткъа цунах гIуллакх ца хилча, цуьнца цхьана дарж охьадилла сацамбина.

ТIаьххьарчу шерашкахь дийцаредора Меликов Сергей Дагестанан куьйгалле хIоттош ву бохуш. Республикан урхалхо Васильев Владимир цомгуш хилла аьлла, информаци яьржича а хьехадора Меликов куьйгалле хIоттор ву бохуш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG