ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SANA: Димашкъна а, Хомсна а ракеташ йиттина


Димашкъна а, Хомсна а ракетан тохарш дина аьлла, хаамбина Шеман хаамийн агенталло SANA-с. Велла виъ стаг, шайлахь цхьа бер а долуш. Цхьа могIа гIишлош йохийна.

Агенталлан хьосташа дийцарехь, Израилан тIеман кеманаша хецна хилла ракеташ. "Оха бинчу талламашца, Шемахь тохарш дале хьалха Израилан ВВС-н иттех сов кема хааделлера стиглахь", - Iорадаьккхина Бейрутан дуьненаюкъарчу аэропортехь "Новости" агенталлан хьостано.

Стигалкъекъа-беттан юьххьехь дуьйна хьал телхина догIу Шемахь. ГIаттамхоша масийттазза герзаш диттинера оьрсийн Хмеймим авиабазана. Цунна дуьхьал Оьрсийчоьнан а, Шеман а авиацино тохарш долийна Идлибан зонашкахь.

XS
SM
MD
LG