ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь динчу эккхийтарехь чевнаш йина бахархошна


ОвхIанистанан шахьаран Пули Махьмуд Хан кIоштахь доккха эккхийтар дина оршотдийнахь аьлла, хааме даьккхина пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Рахьими Насрата. Могушаллин министраллан пресс-секретаран Майяр Вахидуллан информацица, кеп-кепарчу чевнашца иттанашкахь нах балийна дарбан хIусамашка. Оцу кIоштахь ю цхьа могIа тIеман а, Iедалхойн а гIишлош.

Цхьаболчу хаамашца, эккхийтар хиллачул тIаьхьа хезна герзаш дуьйлуш. Цхьана а тобано цкъачунна эккхийтар шена тIелаьцна дац.

ДаIишхоша жоьпалла шайна тIе а лоцуш, нах бойуш цхьа могIа лелхийтарш динчул тIаьхьа, тIаьххьарчу масех беттанашкахь тийналла лаьттара тIемалой-тIалибаш а, "Исламан пачхьалкх" шех олу тобанхой а лелачу Кабулехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG