ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центр": сериалашка хьоьжуш хан йойу дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархоша


"Левада-центро" бинчу талламашца, филмашка а, сериалашка а хьоьжуш хан йойу Оьрсийчоьнан дукхахболчу бахархоша. Хаттам бинчех 76 проценто кIиранчохь цхьана-шина дийнахь ца хьовсуш ца Iа шаьш аьлла телехьожийле. ШолгIачу меттигехь – уьйтIахь, урамашкахь доттагIашца цхьанакхетарш (66%), кхоалгIачу могIарехь - гергарчаьрга хьошалгIа эхар, йа шайга уьш хьошалгIа а кхайкхина, цаьрца хан яйар (43%).

Цунна тIаьхьа ду:

газеташ а, журналаш а дешар (39%);

исбаьхьаллин литература ешар (28%);

ресторане, барашка, клубашка эхар (8%);

кино эхар (5%);

театре, консерватори, музейшка эхар (3%);

безачу артистийн концерташка эхар (2%).

Бинчу талламо билгалдаккхарца, тIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан бахархошлахь лахделла догIу исбаьхьаллин литература ешар. Шерачохь масийттазза книгаш йоьшу 27% респонденташа. Ешшане ца йоьшу литература 28 проценто.

Оцу юкъанна, 1994-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц книгаш йоьшуш хиллачийн терахь а 23 процентера 14-га охьадаьлла.

КIеззиг бу оьрсийн бахархошлахь театрашка а, музейшка а, концерташка а леларш а. 55 % шаьш цкъа а хилла дац цигахь аьлла, дIахьедина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG