ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамаш хинболу де билгалдаьккхина


Гезгамашин-беттан 8-чохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо харжа де билгалдаьккхина Халкъан парламентан депутаташа. Харжамийн комиссин пресс-гIуллакххоша бина и хаам журналисташка.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира байначу беттан 26-чохь куьйгъяздира, 2008-чу шарахь дуьйна республикан урхаллехь лаьттинчу 55 шо долчу Евкуров Юнус-Бекан дарж охьадуьллучу дехарна. Цуьнан метта ханна декхарш кхочушдан витира, тIаьххьарчу шерашкахь Самарскан кIоштахь Росприроднадзоран урхаллехь лаьттина 60 шо долу Калиматов Махьмуд-Iела. Цул хьалха регионехь прокуратуран куьйгалла дина а ву иза.

ГIадужу-баттахь Евкуровс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шина мехкан дозанаш къастош, куьйгяздинчул тIаьхьа протесташ йолийра ГIалгIайчохь.

Евкуровс дIахьедора, оппозицино тIеIаткъамбинера аьлла, ша даржера вухур вац бохуш, делахь а байначу баттахь меттигерчу телевизионан эфирехь дIахьедира цо, ша дарж охьадуьллуш ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG