Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанарчу Котар-Юьртахь полисхойн постна тIелатар дина вевзаш воцчо. Оршотдийнахь бина цунах хаам Baza Telegram-канало. Дийцарехь, постна тIе герз а диттина, ша шен эккхийтина тIелеттачо. Билгалдаккхарехь, вийна цхьа полисхо.
Ткъа "Северный Кавказ" Telegram-каналан информацица, тIелеттарг шиъ хилла.