ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаев Шемалан тобанхошна хенаш йиттина кхело


Къилбаседа Кавказан Ростоверчу тIеман кхело яккхий хенаш йиттина Ставрополан кIоштарчу веа вахархочунна, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхошца Дагестанехь эскархошна тIелетта аьлла, бехк тIе а чIагIбина.

Буьранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла а деш, 1999-чу шарахь эзар сов тIемало чувахара Дагестане. Баттахь сов тIемаш лаьттира цигахь. 1999-чу шеран Гезгамашин-беттан 15-чохь тIеман министро дIакхайкхийра, Дагестанан территори маьршаяьккхина аьлла. Оцу хеначохь оьрсийн 33 эскархо вийра, 34-нна чевнаш йира.

Кхело тIечIагIдина, тIемалошца Ставрополан бахархой Даутов Марат а, Мухатдинов Дамир а, Аджибрагимов Руслан а, Бакиев Батырбек а хилла аьлла. Бакиевна 19, Даутовна 16, Мухатдиновна 14, Аджибрагимовна 13 шераш хенаш йиттина набахтехь яккха.

Талламан комитетан информацица, Басаевн а, Хаттабан а тобанехь хилла кхин а 28 стаг лехамашкахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG