ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара Праге доьду "Аэрофлотан" масех кема сацийна


Москвара Праге йолу масех рейс юкъахъяьккхина "Аэрофлот" авиакомпанино, Чехин Iедалхоша бакъо дIаяьккхича. Билгалдаккхарехь, юьйцурш ю SU2010/2011, SU2014/20I5, SU2016/2017 а, SU2018/2019 рейсаш. Кеманаш гIиттийта мел оьшу техкникан таронаш йоллушехь, Чехин Iедалхоша дихкина шайна рейсаш кхочушъян аьлла, дийцина авиакомпанино. Мича бахьанашца бакъо дIаяьккхина, дуьйцуш дац.

Оццу "Аэрофлотан" кхийолу SU2012/2013 а, SU2024/2025 рейсаш кхочушъеш ю. Совцийначу рейсашна билеташ эцна хилла пассажираш Москвара Праге кхочор бу оцу кеманаш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG