ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь маьршаваьккхина ИнуркаевгIеран ши ваша


ИнуркаевгIеран вежарий: 21 шо долу Абубакар а, 20 шо долу Аюб а маьршаваьккхина, ницкъаллийн структурийн цаьрга кхи претензеш цахиларна. "Кавказ.Реалии" портало яздира, байначу беттан 27-чохь ши ваша дIалацарх. Соьлжа-ГIалахь вийначу тIелатархочун Барзаев Ахьмадан телефон чохь цушинца дина йозанаш карор бахьана долуш лаьцнера ши кIант. Полисхошна тIелатар динчуьнца уьйраш хилла тарло аьлла, шеконаш яра шина вешех, хаамбинера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

ИнуркаевгIар боцурш а, кхин а республикера масех вахархо дIавигинера полисхоша, хааме даьккхира шен телеграм-каналехь нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос.

"Кавказ.Реалии" портале бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцина, "полисхойн ИнуркаевгIаьрга кхин хеттарш цахиларна маьршаваьккхина и шиъ" аьлла.

"ЦIа вахийтина ший а. Цушинца цхьана дIахецна кхин а иттех жимстаг", - аьлла Саратовас.

Официалан версица, байначу беттан 23-чохь Соьлжа-ГIалахь уьрсаца некъан полисхочунна тIелеттера 21 шо долу меттигера вахархо Барзаев Ахьмад. Полицино Iорадаьккхира, инспекторна Сафиулаев Рамильна цо чевнаш йинера аьлла. Оццу заманчохь тIехволучу Росгвардин эскархочо Джабраилов Зеламхас герз тоьхна, вийнера тIелатар динарг. Герз кхетале Барзаев кхиина хилла Джабраилов лазо а.

Инцидент хилале хьалха интернетехь йоза дитина хилла Барзаевс, йа цуьнан цIарах лелачо: "Тахана сарахь ялсаманехь пхьор дууш хир ву со" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG