ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь керла муфтий а, къеда а хоржур ву


ГIалгIайн муфтий Хамхоев Iийса

ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан кхеташонехь билгалдаьккхина мехкан муфтий а, къеда а хоржур волу де, хаамбо оршотдийнахь "Интерфакс- Юг" агенталле республикерчу динан центран пресс-гIуллакххоша.

"Уставца а догIуш, хIора пхи шо мел дели муфтий а, къеда а хуьйцуш хиларца дийцаредира гулбеллачара и хаттар. Муфтийс Хамхоев Iийсас билгалдаьккхира, цхьахволчун кандидатура хьалхатоьттуш агитацин программаш кхочушйийр яц аьлла", - дийцина агенталле хьостано.

Цо бахарехь, муфтийс билгалдаьккхина, кIошташкарчу имамаша а, Iеламнехан кхеташоно а къастор бу харжаман дийнахь оцу дарже хьакъболу нах. Карарчу беттан 17-чохь муфтий а, къеда а харжа сацамбина кхеташонан декъашхоша.

Иттех шераш ду ГIалгIайчоьнан муфтиятан коьртехь Хамхоев Iийса лаьтта. 2014-чу шарахь хаьржира иза кхоалгIачу ханна.

Къеда ву республикехь регионехь гоьваьлла Iеламча Мартазанов Iабдурахьман.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Бекан еххачу хенахь мостагIалла лаьттира муфтийца Хамхоевца. Чолхе юкъаметтигаш яра Хамхоевн салафитийн имамашца Цечоев Iийсаца а, Чумаков Хьамзатца а.

XS
SM
MD
LG