ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургерчу депутатна кIелойина аьлла, дIалаьцна Нохчийчуьра вахархо


Санкт-Петербургерчу урологна, депутатна кIелоярна шина баттана дIалаьцна вуьтуш ву Нохчийчуьра 37 шо долу вахархо Дараев Хьусайн. Байначу беттан 29-чохь Москвахь дIалаьцнера иза, яздо "Фонтанкас".

2016-чу шеран Зазадоккху-беттан 31-чохь йина хилла бехкевечо кIело. Талламан комитетан версица, Петербургерчу "Единая Россия" партин цIарах волу депутат Адхамов Бахтияр, ша болх бечу дарбан цIийнера араволучу заманчохь Дараевс пхоьазза герз тоьхна хиллера цунна. Цул тIаьхьа иза валанза вуй хиъна, урс диттина хилла депутатна. ТIеман медицинан академин хирурги дIакхачийнера хIетахь лазийнарг.

Полицин шеконаш ю, Адхамов вен кхайкхийнарг цуьнан хIусамнанна вевзаш волу стаг ву аьлла. Цхьана хенахь шеконашкахь латтийра цуьнан зуда а. Дуьненаюкъарчу лехамашка велира зудчун доттагI Исаев Валид а. Дараев а санна, Соьлжа-ГIалара ву Исаев а.

"Фонтанкас" Iорадаккхарца, оцу гIуллакхан материалашкахь яздарехь, депутат вуьйриг 200 эзар ахча делла хилла Дараевна, Адхамов вийначул тIаьхьа тIе дала дезаш хилла кхин а 4, 8 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG