ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа танкаш гойтур ю Вашингтонехь Маршонан дийнахь


M1 Abrams танкаш
M1 Abrams танкаш

Iамеркин президенто дийцарехь, Iамеркин коьртачу гIалан тIехула хахкалур ду кеманаш

Iамеркин президенто Трамп Доналда оршотан дийнахь дIахьедар дина, Товбецна-беттан 4-чу дийнахь – Iамерка Йозуш йоцу пачхьалкх хиллачу дийнахь – Вашингтонна юккъехь Къоман аллехь гойтур ю танкаш, ткъа стигалхула хоьхкур ду тIеман кеманаш аьлла. Цул сов, гойтур бу Iамеркин тIеман гIирс. Иза къаьсташ хир ду хIинццалц Iамеркан коьртачу гIалахь Маршонан де даздеш хиллачух.

Товбеца-беттан 4-хь хIинццалц Iамеркан президенташ дIоггара шаьш гойтуш ца хиллехь а, Трамп къамел дан дагахь ву Линкольнан Мемориалана хьалха. Маршонан де даздеш еххачу хенахь стигал яккхийчу тоьпийн шатлакхаш а кхуьссур ю, стигалахь лелар ду Airforce One олу президентан кема а, ткъа иштта Blue Angels олу Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман-хIордан флотан кеманаш а.

«Ас маситта дош а эр ду, кеманаш а хир ду вайна тIехула чекхдовлуш, ткъа иштта вай танкаш а гойтур ю", - дIахьедар дира КIайн ЦIийнехь Овалан кабинетехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Трампа.

Конгрессерчу демократаш бехке вира Трамп, Маршонан де даздарх цо пайда оьцу аьлла, 2020-чу шарахь хин болчу харжамашкахь ша юха а президент харжийтар Iалашонца. Цара иштта хоьтту, мел ахча дайа дезар ду и даздарш дIахьош вуьшта ахча ца тоьучу къоман культуран а, садаӀаран а бошмаш латточу Iедалан хьукматан, бохуш.

2017-чу шарахь Францехь Бастили схьаяьккхина де даздеш Парижехь тIеман парад гинчул тIаьхьа иза Вашингтонехь а хила еза, бохуш вара президент Трамп.

Цуьнан администрацино тIаьхьатеттира 2018-чу шарахь Лахьанан-баттахь ТIеман ветеранийн дийнахь хила еза парад, иза вовшахтухуш 90 миллион доллар дайа дезаш хилар хиинчул тIаьхьа. И мах кхузза алсам бара юьхьанца хир бу аьллачул а.

Президенто билгалдаьккхира, кхузаманахьлера MI Abrams а, ШолгIачу Дуьненан тIом болуш хилла Sherman а танкаш ялор хилар Вашингтоне, массеран а бӀаьрг тоха аьтто беш. Колумбия (District of Columbia) гонан Iедалан векалша дIахьедар дина, езачу тIеман технико дохо мега Iамеркан коьртачу гIалан урамаш аьлла.

"Шу ларлуш хила деза, еза танкаш шайна тIехула лелар царна дезаш ца хиларна. И бахьана долуш вай уьш дIахIитто еза леррина билгалъяхначу меттигашкахь", - элира Трампа.

Code Pink тӀамна дуьхьаларчу тобано дIахьедар дина, шайна бакъо елла хиларх лаьцна, «Baby Trump» цIе йолу, тIейоьхна памперсаш а йолуш, диллина президентан сурт тIехь долу кIедачу системан жима дирижабль стигалхула чекхьялийта, президент Линкольнан Мемориалан хьалха вистхуьлучу хенахь. "Шаьш лелочуьнан мах ца хуучу берашна вуно доккха Iуналла оьшу, Трамп Дональдана иза оьшуш ма хиллар", - дIахьедар дина и тоба кхоьллинчерах цхьаъ йолу Бенджамин Медеяс, ша яржийначу пресс-релизехь.

И мероприяти дIаяхьарна жоьпаллехь йолчу Iамеркан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ца хаийтина мел ахча дайа дезар ду Маршонан де даздеш. ШатIлакхаш кхиссар кечдечу шина фирмано дIахьедар дина, 35 минотехь хир болу и гайтам шаьш мехаза дIахьур хилар. Иза сагIа ду цу наха доккхур долу 700 000 доллар барам болу, хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG